ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркица дийцарш дIадоло кийча ву Ким Чен Ын


Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын.
Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын.

Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын кийча ву дийцарш дIадоло Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташца. Цунах лаьцна хаам бина The New York Times газето, Къилба Корейн Iедалан векалшна тIе а тевжаш.

Хьалхо хаам баьржира, ша куьйгалле хIоьттинчул тIаьхьа дуьххьара Ким Чен Ын Къилба Корейн делегацица цхьаьнакхетта хиларх лаьцна.

Къилба Корейн официалан векалш Пхеньяне баханера оршотан дийнахь. Reuters агенталло бинчу хаамца, Сеулан Iалашо ю Къилбаседа Корейн а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а юкъаметтигаш тояр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG