ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна хIинца а тховкIело эшарх лаьцна дийцира Австрехь


Австри -- Нохчийн адамийн бакъонашларъярхо Ибрагимов Сайд-Эмин (аьттоагIор), Австрехь евзаш йолу журналист Шолль Сюзанне а.

Брегенц гIалахь оршотан сарахь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира нохчашна тховкIело яларца тIаьхьарчу хенахь Австрехь кхоллало хьал.

„Хьашт юй нохчашна азюль? Уьш хIинца а кхузахь хIунда бу?“ аьлла цIе тиллинчу дискуссехь дакъалоцуш вара леррина Страсбургера кхайкхина валийна нохчийн адамийн бакъонашларъярхо Ибрагимов Сайд-Эмин.

Иштта Венера еанера евзаш йолу меттигера журналист Шолль Сюзанне а. Дуккха а шерашкахь Оьрсийчохь болх бина а, масийттоза Нохчийчохь хилла а ю иза. Цул сов, цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара нохчийн диаспоран векалш а.

Суьйре вовшахтоьхнарг Брегенцера "Виндекс" цIе йолу юкъараллин цхьаьнакхетаралла яра. Нохчийчуьрчу мухIажирашна Iуналла деш йолчу цу цхьаьнакхетаралло дуккха а проекташ кхочуш йина, къаьстина нохчийн зударшца цхьаьнаболхбарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG