ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн йоIа яьккхина фильм гойтуш ю Австрерчу кинофестивалехь


Австрерчу Дорнбирн гIалара фестивалан театр.
Австрерчу Дорнбирн гIалара фестивалан театр.

Австрерчу Дорнбирн гIалахь шинарин дийнахь дIайолаеллачу кинофестивалехь гойтуш ю нохчийн къоначу режиссеро Хасуева Дианас яьккхина филм.

„ТIеман монаш“ цIе йолу йоца документаран филм цу йоIан дуьххьарлера болх бу. Цу чохь Европехь кхуьуш болу нохчийн кегирхой бу шайн а, шайн къоман а кхолламах лаьцна дуьйцуш. Шайн дай-наноша лайначу къам дохоран баланех а, шаьш лайначу тIеман баланех а,нохчийн къоман дIадаьллачух а, карарчу хенах а дуьйцу цара.

Кхушарахьлера Дорнбирнера кинофестивал адамийн бакъонийн темина хьажийна ю. Иза яхлур ю кху беттан 10-чу кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG