ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ФСБ-н беркема чудеанчу метте боьлхуш бу орцанхой


Ми-8 беркема. Гайтаман сурт.
Ми-8 беркема. Гайтаман сурт.

ФСБ-н дозанхой тIехь болу Ми-8 тIеман беркема охьадоьжна Итум-Кхьаьллан кIоштахь Хангихой юьртана уллехь. КIоштан полицера хьостано Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, вийна мел лаххара 5 стаг. Иштта дийна бисинарш а бу эскархошна юкъахь.

Орцанхой хIицна а тIекхачаза бу бохам хиллачу меттигана. Иза 20 сов чакхарма бен кхин гена яц Гуьржийчоьнан дозанна.

Беракема чудожаран бахьана хууш дац. Кху деношкахь нохчийн лаьмнашкахь къеггина кхетта малх бу, цундела Iаламан бахьанаш ца хила а тарло цунна бехке.

Делахь а, РИА Новости агенталло, дозанхойн сервисан векална тIе а тевжаш, хаам бина беркема охьадоьжначу меттехь догIанца догIуш ло ду иза хила мега бахьана аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG