Кхераме авиаинцидент хилла, Соьлж-ГIала а веана,Титиев Аюбан кхелан кхеташонехь дакъа а лаьцна, Москох дIавоьду Явлинский Григорий тIехь хиллачу кеманца.
«Москохна герга кхочуш герметизаци дIаяьлла хилла Явлинский Григорий тIехь волчу кеманна. Некъахойн дезна лерринчу хIаваъ лучу гIирсех пайда эца. Цхьаберш вочу хьолехь а хилла», - хаам бина Кавказ.Реалии корреспонденте Явлинскийн харжаман штабан куьйгалхочо Рыбаков Николайс.
Цо дийцаррехь, Внуковохь Соьлж-ГIалара догIучу кеманна дуьхьал хьажийна хилла лоьрийн машенаш. Рыбаковс бинчу хаамца, Явлинскийн могушаллана зе ца хилла.