ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Барзе


please wait

No media source currently available

0:00 0:01:09 0:00
Линкана тIе

Элдин Микаил

Барзе

Йишхаьлла хьайн угIар узаре дерззалц,
УгIалахь гила борз, хьо тховса суна…
Мел хилларг сайн дагахьбалламе дерзош,
Ас хала, беха некъ болийна хьуна…
Сан когийн лераша неIалташ кхайкхош


Мохк богуш баьгначех даггара хьоьгуш,
Воьду со, исс ломал дехьа а ваьлла.
Сингаттам-чаьлтанча кхардаме боьлу
Цхьаллийна юьхь-дуьхьал хIоьттина ваьлча…
Сайн дог ас далийна лазаман кхиэле…


УггIал хьо маьрша ю, хьуо йинчу ломахь,
Мацалло Iийшарах хьан оьзда зорха…
Хаьрцинчу хIусаман бIаьрзечу корах,
Дуньене хьоьжуш сан бералла йоьлху
ЮьхьIьаржа со хIиттош иэсана гергахь…


Деле хьо кхайкхахьа беттан нур муьйлуш…
Ас дечу доIанех хьан угIар хилла.
Стигал а, латта а суна айкх дуьйлуш,
Воьду со-м… Буьйсанан гIайгIанах ийна…
Йиш халлалц угIахьа, гила борз, суна…

XS
SM
MD
LG