ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тобан дов хоттуш ду Венехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Даханчу шарахь ХIоллабрунн гIалахь пиццерия эккхийтарна бехке беш болчу нохчийн дов хатта долийна Венерчу кхелехь. Прокуратурано чIагIдарехь, иттех стагах лаьттачу тобано пиццериян долахочуьнца берта а бахана, цуьнан кафе эккхийтинера.

Даханчу шеран Зазадоккху-баттахь цара цIетассар бахьана долуш пиццерияна гонахьарчу нехан цIеношна даккхий зенаш динера. Лулахь бехачу 20 сов доьзалшна эвакуаци ян дезнера Iедалхойн. Царех цхьаццаболчарна дIаьвша даьллера ягарийн газах. Ерриге а йохийна дIаяьккхинера кафена уллера вилспеташ юхку туька а.

ХIинца кхеле озийначу нохчех цхьаболчара мукIарло дина шаьш эккхийтарна декъахиларна. Цара шаьш цхьа жима цIе тасса гIерташ дара, иштта доккха эккхийтар дан лууш дацара, бохуш чIагIдо.

Бехкебечеран адвокаташа чIагIдарехь, и талор дарна царна 1000 еврона тIера 1500 евро кхаччалца мах лур бу аьлла хилла пиццериян долахочо. Ша и долахо зе меттахIотторан кампанера 200 эзар герга ахча даккха гIерташ хилла шена цIеяьлла аьлла. Иза а, цуьнан вешин кIант а ву Венерчу кхелехь жоьпе озийна.

Масех кIиранахь яхлур йолуш ю процесс. Еарий дийнахь цигахь бистхила бакъо лур ю бехкебечарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG