ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

3000 % алсамдаьлла Японехь ВАЗ машенаш эцар


"Лада" машен
"Лада" машен

Волжскийн машенашъяран заводо хаам бина "Лада" машенаш Японехь йохкар алсамдаьлла хиларх лаьцна. 2017-чу шарахь хиллачу хьолаца дуьстича, шо долалуш, уьш йохкар алсамдаьлла 3000 процентана, хаам бо "Панорама" агенталло.

ВАЗ компанино дийцарехь, стохка Японерчу машенийн кхерамазалла толлучу компанино, краш-тест олу, йоха а йина, машен чIогIа хилар талла эцна хилла цхьа машен "Лада". Ткъа кхушара Японера Осака-гIаларчу орцанан сервисо лаам гайтина 30 ВАЗ машен эца.

"Уьш гIиртира шаьш дина дехар юхадаккха, пхеа маттах пайда а оьцуш, шаьш эца гIерташ ерш "Шкода" яра бохуш, амма оха тхаьш кхеле девр ду элира. Эххар маслаIат карийра тхуна: цара шаьш мах схьалур бу элира машенех, нагахь оха кхин цкъа а кехаташ а яздира дац, телефон а еттар яц шайн офисе аьлла дош лахь", - даладо "Панорамо" ВАЗ компанин зорбанан сервисо аьлларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG