ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Скрипальца цхьаьна дIовш даьлла полисхо вистхилла


Британи -- Скрипаль Сергейна дIовш малийначу ресторанна ха деш ю полисхо. Солсбери, 8.Заз.2018.
Британи -- Скрипаль Сергейна дIовш малийначу ресторанна ха деш ю полисхо. Солсбери, 8.Заз.2018.

Шпион хилла Скрипаль Сергей а, цуьнан йоI а санна дIовш даьллачул тIаьхьа Британерчу Солсбери гIаларчу клинике охьавиллина волу полисхо, кхетамчу а веана, къамел дан волавелла. Цунах лаьцна хаам бина Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Радд Амбера.

Цо дийцарехь, уггаре хьалха дIовш тоьхначу метте кхаьчна волчу полицин эпсаран хьал хьалха санна вон ду. Амма иза толур ву аьлла сатуьйсийла ю, боху лоьраша.

Оьрсийчоьнан тIеман министралла коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан эпсар хилла Скрипаль Сергей а, цуьнан йоI а кхетамчу деана дац цкъачунна. Британин Iедалша дуьйцуш дац хIун дIовш ду царна малийнарг. Амма талламхоша толлуш ю иза вен гIоьрина хила мега боху верси.

Скрипаль дIадаханчу кIирандийнахь дIакхачийнера дарбанан цIийне, Солсбери гIалахь махбаран центран уллехь цунна во хиллачул тIаьхьа. Цуьнца цхьаьна клинике охьайиллина цуьнан йоI а.

ББС-ин кхерамазаллан хаттаршкахула волчу корреспонденто дусту хилларг Литвиненко Александр верца. ФСБ-н белхахо хилла волу Литвиненко вийра Лондонехь 2006-чу шарахь, полоний олу дIовш а малийна.

Скрипаль а, ткъа иштта Iилманча Сутягин Игорь а, кхин а оццу бахьанца чувоьллина ши стаг, Запорожский Александр а, Василенко Геннадий а, хийцира Iамеркехь гучубевллачу Оьрсийчоьнан шпионех 2010-чу шарахь. Царна юкъахь вара Арахьарчу Талламан сервисан (СВР) инарла-майор Васенков Михаил а, Чапман Анна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG