Тест: Зезагаш дезарх ца тоьа, уьш довза а оьшу.
Зезагаш ца дезаш цхьа а хир вац. Къаьсттина церан хазалла гучуйолу бIаьстенца. Цхьболчарна ПетIамат цIе йолу ирсе зезаг хазахета, вукхарна туьйранашкахь дийцина лайн зезагаш. Делахь а, массарна а хууш хир дац, муха ю нохчийн маттахь зезагийн цIераш а, уьш дуьххьара стенгахь гучудевлла а, муха даьржина а. Кхойкху шу экскурси!
ХIун олу ахь "тюльпан" зезагах?