"Соьлж-ГIала -Москох" кеман рейс кхочуш ечу Utair компанино бакъ ца бо кху беттан 6-чу дийнахь шайн кеманан герметизаци дIаяьллера аьлла баьржина хаам.
Зазадоккху-беттан 7-чу дийнахь хиинера кхераме инцидент хилла хилар, Соьлж-ГIала а веана,Титиев Аюбан кхелан кхеташонехь дакъа а лаьцна, Москох дIавоьду Явлинский Григорий тIехь хиллачу кеманца.
Москохна герга кхочуш герметизаци дIаяьлла хилла Явлинский Григорий тIехь волчу кеманан. Некъахойн дезна лерринчу хIаваъ лучу гIирсех пайда эца. Цхьаберш вочу хьолехь а хилла», - хаам бинера Кавказ.Реалии корреспонденте Явлинскийн харжаман штабан куьйгалхочо Рыбаков Николайс.
Ткъа хIинца реметизаци дIаялар хилла дацара, ткъа кема охьахууш некъахоша латкъамаш ца бира, боху компанин векалша.
Делахь а, Явлинскийс чIагIдо, некъахой хьал вон хилар а, кема охьахуучу Внуково баьхкина лоьраш хилар а хилла хIума ду бохуш.