74 шо кхаьчна балкхарой махках бохийна
…Советан пачхьалкхан геннарчу маьIIешка – Урале, Юккъерчу Азе, Сибрех, Алтай – дIахьежош дара къаьмнаш-"элементаш".
Юхьанца, 1941 шарахь, оцу агIор дIалаьхкира Гитлерца коалици хIоттийначу пачхьалкхийн къаьмнашца цIий дозу нах – немцой, венграш, болгараш, финнаш.
ТIаккха лехка долийра фашистийн оккупацехь Iийна къаьмнаш - кхарачой, балкхарой, гIирмахой, гIалмакхой. Цара тIекарло латтийна Гитлерна, бохура.
Оцу юккъехула нисделира немцой даймахкахь гина а, я цаьрца юкъарлонашка бийла лаам хилла а боцчу нохчашна, гIалгIашна депортаци яр.
Эскархочун де – Чиллан-беттан 23-гIа - вайнахана къахьдинехь, Зударийн дезде балкхарошна къахьдира – уьш Азе хьовсийра Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь.
Официало бахарехь, вайнах махках бохийна а валале, 1944 шеран Чиллан-беттан 24-чохь, Берия Лаврентийс, Сталинца дага а ваьлла, ша махка а веана, арабаьхна балкхарой.
ХIун даьллера жимачу къомера?
Историно дийцарехь, Нальчике дIагулбинчу шен НКВД-н Кавказерчу гонца (Серов, Кобулов, Мамулов) Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь Берия вахана балкхаройн лаьмнашка. Цигахь цо ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочунна Кумехов Зубайрна йовзийтина къайле – шай, Сталинний, балкхарой макара ара а баьхна, церан латта гуьржашна дIадала, пачхьалкхан къилбера агIо тIамна чIагIъян воллу, аьлла.
ТIеман Духьалонан Кхеташоно (ГКО) беттан 5-чу дийнахь арабаьккхина сацам. Берияс Сталине хIетахь бинчу хаамца, Азе "балкхархойх дIахьажийна 37000 стаг".
Бахьанах лаьцна Берияс ша Сталине яхьийтинчу къайлахчу телеграммехь иштта хоуьйту: " Балкхаройчохь 1942 шарахь советашна дуьхьаллаьттачу элементаша марсабаьккхира ЦIечу Эскарна букъ тIехьа бен мостагIаллин болх, тIамах бевдда нах бандитийн-гIаттамхойн гIеранашка а гулбеш…".
Балкхарошна тIехьарчийна бехк, кIезиг-дукха боцуш, Берияс а, Сталина а кхечу къаьмнашна кхаччийнарг бу – мостагIчунна хьалха Советан Iедална ямартло яр.
Сталинал тIаьхьа еъначу заманашкахь Iедало дуккха а сацамаш арабаьхна, ша бехказа а доккхуш, къаьмнашна тIехь геноцид латторах жоьпалла цхьацца куьйгалхошна тIе а дуьллуш.
Арахецна "керлачу Оьрсийчоьно" ша ечу реабилитацех лаьцна сацамаш.
…Амма кехатца ерзалац дерриг а къомана йина чов. Депортаци лайначу кхечу къаьмнаша а санна, шаьш махках бохийна де дагахь кхобу балкхароша - Казахстанехь, ГIиргIазойчохь бала Iаьвшинчара а, дай-нанойн дагалецамаш шайн лерехь лаьттинчара а, лаьттачара а.
Кулиев Кайсын. БорхIалгIа Март
Гайтал хьуо, деза де, БорхIалгIа Март!
Мехкаршна зезагийн курс кховдо диллинарг.
Балкхаройн ярташкахь тийналла лаьтта…
Iадаво есалло, маракъуьйлуш са.
…Белларш бу боьлхуш: " Тхо лийтира,
Пачхьалкхан цIен байракх айина…" .
Бехарш бу латкъамехь: "Дичхьана схьа
Iедална тешаме хиллера тхо!"
Хаькамаш! Лаьмнех а хербина,
Тхан наной, тхан къаной, бераш дIадигинарш!
Хиш детташ, кхерчаш тхан байинарш!
ХIора тIулг, хIора керт елхийнарш!
Шуна тхо хезий, хIай? Тхо, тIамехь лаьттарш?
Ца тоьа тхох эгнарш, ца лору уьш?
Яхийта! Ма хьебе тхан миска наной!
Аш стенга дуьгуш ду и дерриг къам?
Ас муха дешнашца гайта
Баланийн, гIелонийн барам?
Каш доцуш я марчо, доьза вай
Шийлачу цу новкъахь велларг…
Гайтал хьуо, деза де, БорхIалгIа март!
Мехкаршна зезагийн курс кховдо диллинарг.
Балкхаройн ярташкахь тийналла лаьтта…
Iадаво есалло, маракъуьйлуш са.
Деза де, ирча де, иэделла дерриг…
Балкхаройн берашна йицлур яц цкъа а
Вагонаш, и шийла, и меца, къиза де,
Лазаме бIаьстенан цIийх дуьзна ло.
Сан къоман иэсан берч - БорхIалгIа Март,
Ма дола, оьшуш дац цхьанне а хьо!
Тхан лаьмнаш Ленинца маршоне кхаьчна,
Бакъ дац тхо набахте хьовсийна бохург.
("Весет" поэмин кийсак)