Венехь еарин дийнахь кхин дIа а дов хаьттира пиццерия эккхийтарна бехкечу нохчашка. Шайн бехкана къера хиллачу шина нохчочо дийцира, шаьш, туркойн къомахчу кафен долахочуьнца барт а бина, и зулам муха кечдира. Царех цхьаммо, 43 шо долчу стага, элира ша цкъа хьалха реза вацара и талор дан. Амма шена туркочо 1500 евро лур ду аьлча, шен тIе хьаьрчинчу декхарх ойла а йина, тIетайра ша аьлла.
Цо дийцарехь, и шиъ кафе чу ваьлча цу чохь, хетарехь, цхьаммо хьалххе бензин Iанийначух тера хилла. Ткъа шаьш а бензин доьттарна, эккхар шаьш леринчул чIогIа нисделира, бохуш дийцира цо. Долахо шаьш Iехон гIерташ хиллачух тера хийтира шена аьлла тIетуьхийра бехкевечо.
Нагахь санна цIетаса баханчу нохчел а хьалха пиццериян долахочо цу кхерчахь бензин Iанийна хилар тIечIагIлахь, иза ша ахчанах лаьцна болу талорхой байа Iалашо хиларна жоьпе озо а мега.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!