ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанхочо урс диттинарг нохчи ца хилла


Венера полици.
Венера полици.

Кхаарин буса Венерчу Пратерштерн социйлахь веа стагана урс диттина волу талорхо лаьцна полисхоша. Иза ву 23 шо долу овхIанхо.

ТIелатар динчул тIаьхьа цкъа хьалха информаци яьржинера, овхIанхочо урс диттинчех цхьаъ нохчийн жима стаг ву аьлла. Амма иза гIалат хилар хаийтина полицино, и стаг мила ву къастийначул тIаьхьа.

Лаьцначо мукIарло дина, ша шена ларамаза дуьхьал кхеттачу меттигерчу доьзална а, ткъа иштта кхин цхьана шайнн къомахчу жимачу стагана а тIелатар дина хиларх альцна. И ша урс диттина волу овхIанхо шена вевзаш вара аьлла цо полицига.

Ша 2015-чу шарахь мухIажар санна Австре кхаьчначул тIаьхьа шена наркотикаш марзйинарг а, ша царах возуш винарг а иза вара аьлла лаьцначо. Ша чIогIа оьгIазвахана цара цунна, цундела диттира ша цу кIантана урс аьлла цо полицин хеттамашкахь.

Кхечу шен новкъахь нисбеллачу нахана тIелатар ша шен дахарна а, доллучу дуьненна а дарвелла хиларна дира аьлла лаьцначо.

ОвхIанхочо дера чевнаш йинарш хIинца а лоьрийн цIийнахь бу. 20 шо долчу овхIанхочул сов чевнаш йина 3 стагах лаьттачу австрихойн доьзална. 56 шо долу зуда а, 67 шо долу стаг а, церан 17 шо долу йоI а ю лазийнарг. И кхоъ шайна тIелатар дечу хенахь японхойн ресторан чуьра арадолуш хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG