Шемахь Ан-26 охьадоьжча вийна эскархо Героев Рамзан дIавоьллина ГIалгIайчохь зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь. Цуьнан цIе лелор ю Нестеровское эвларчу школо, хаам бо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан сервисо.
Героев вина а, ваьхна а волчу эвлахь хиллачу тезетахь хилира Евкуров Юну-Бек а, меттигерчу халкъан гуламан спикер Евлоев Зялимхан а.
Героевн 38 шо хилла, иза гIуллакх деш хилла Оьрсийчоьнан армехь, старшинан чин а долуш.
Оьрсийчоьнан Ан-26 кема доьхна Хмеймим аэродромехь охьахууш. Цу тIехь хилла 33 некъахо а (27 эпсар), экипажан 6 стаг а велла. Уьш берш эскархой хилла.