ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Financial Times: Скрипаль махкахваьлча а болх беш хилла Британин талламан сервисана


Британи -- Скрипаль а, цуьнан йоI а кхетамчуьра даьлла меттиг. Солсбери, Заз. 8, 2018
Британи -- Скрипаль а, цуьнан йоI а кхетамчуьра даьлла меттиг. Солсбери, Заз. 8, 2018

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан эпсар хилла Скрипаль Сергей кхин дIа а болх беш хилла Британин а, кхечу пачхьалкхашна а, хаам бо Financial Times газето.

Цу газетан хьастано дийцарехь, иза хила мега Скрипаль вен гIортаран бахьана. Цунна хууш баш къайленаш ца хилла, амма полковникан хууш хилла муха болх беш ю Оьрсийчоьнан талламан сервисийн система.

Скрипаль дIадаханчу кIирандийнахь дIакхачийнера дарбанан цIийне, Солсбери гIалахь махбаран центран уллехь цунна во хиллачул тIаьхьа. Цуьнца цхьаьна клинике охьайиллина цуьнан йоI а.

ББС-ин кхерамазаллан хаттаршкахула волчу корреспонденто дусту хилларг Литвиненко Александр верца. ФСБ-н белхахо хилла волу Литвиненко вийра Лондонехь 2006-чу шарахь, полоний олу дIовш а малийна.

Скрипаль а, ткъа иштта Iилманча Сутягин Игорь а, кхин а оццу бахьанца чувоьллина ши стаг, Запорожский Александр а, Василенко Геннадий а, хийцира Iамеркехь гучубевллачу Оьрсийчоьнан шпионех 2010-чу шарахь. Царна юкъахь вара Арахьарчу Талламан сервисан (СВР) инарла-майор Васенков Михаил а, Чапман Анна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG