ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пентагон: Iамеркан хи бухахула лела кеманийн аьтто бу Оьрсийчоь хIаллакъян


Iамеркан хи бухахула лела кема.
Iамеркан хи бухахула лела кема.

Iамеркан тIеман ницкъийн Стратегин буьйранчаллан гIантдас ХIайтен Джона дIахьедар дина, Iамеркан хи бухахула лела кеманаш аьтто болуш ду Оьрсийоь а, Китай а хIаллакъян аьлла.

И хаам цо бина Конгрессехь хиллачу ладогIаршкахь вистхуьлуш.

"Хьаххийнчуьра аьлча, царна (Оьрсийчоьнна а, Китайна а) ца хаьа вайн хи бухахула лела кеманаш мичахь ду, ткъа уьш ницкъ болуш ду церан пачхаьлкха хIаллакъян, вай иза дахь", - аьлла ХIайтена.

Цо иштта дIахьедар дина Цхьаьнатоьхна Штаташ ницкъ болуш ю муьлхха а тIелатарна жоп дала. "Вай кийча ду и кхерам юхатоха, цхьа а шеко йолуш хила оьшуш дац цунах", - билгалдаьккхина ХIайтена.

Хьалхо Путин Владимира шайн ракетийн ницкъех лаьцна Федералан Кхеташонна хьалха дийцинчул тIаьхьа Iамеркан сенаторийн тобано кхайкхам бинера пачхьалкхан секретаре Тиллерсон Рексе Оьрсийчоьнца дагадовларш дIахьо аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG