Нью-Йоркан кхело 7 шо хан кхайкхийна цхьацца харцонаш лелорца вевзаш волчу Iамеркерчу бизнесхочунна 35 шо долчу Шкрели Мартинна. Бехкбиллархоша дехара суьдхошка цунна набахтехь даккха 15 шо тохар.
Шкрели цIе гIараелира дуьнененрчу газеташкахь 2015-чу шарахь, цо, ВИЧ-инфекцийна дуьхьал даьккхина молха арахоьцу Daraprim фирма а эцна, 13,5 доллар доккхучу цхьана буьртиган мах 750 долларе хьалабаьккхинчул тIаьхьа.
Амма хIинца цунна кхел яр доьзна дац цуьнца. Шкрелина хан тоьхна финансашца бозбунчаллаш лелорна.