Росгвардин ши эскархо вер хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долийна Дагестанехь. Иза дарна бехке веш ву полицин белхахо.
Талламан комитетан Дагестанерчу урхалло бинчу хаамца, полисхо къера хилла, ша ши эскархо верна, хаам бо "Российская газето". Бахьана ду ахчанца доьзна.
ТАСС агенталло бинчу хаамца, полисхочо герз тоьхна вийна шегара ахча даккха гIерташ волу Росгвардин ши эскархо.
Дагестанерачу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгалло дIахьедар дина шаьш и стаг балхара дIавоккхур ву аьлла.
Хьалхо Интерфаксо хаам бинера Дагестанехь Росгвардин ши эскархо вийна хиларх лаьцна.