Дуьненаюкъарчу зударий денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Австрерчу нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралло. И цхьаьнакхетар тIаьхьатеттинера цара Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан кхалхар нисдаларна, боху иза вовшахтоьхначу юкъараллан декъашхоша.
Венерчу интеграцех йолчу магистратаца цхьаьна вовшахтоьхначу цхьаьнакхетарехь гулбеллера нохчийн наной шайн доьзалшкарчу зудберашца цхьаьна.
Хьалакхуьучу мехкаршна нохчийн кхачанаш муха бо а гойтуш, цхьаьна цхьаьна чIепалгаш а, хингалш а, кхин долу нохчийн даарш а кечдира даздаре гулбеллачара. И кхачанаш шуьне оьзда охIахIоттор а, хьаша-да тIелацаран а, цуьнан хьашташ кхочущдаран а гIиллакхаш а Iамийра нохчийн кхиазхошна.
Нохчийн кхачанех а кхеташ, вайнахаца цхьаьна даздаршкахь дакъалаца баьхкинера меттигерчу къаьмнех зударий.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ