Къилбаседа Корейца дIахьур долу дийцарш гIуллакх дохарца дIадерза мега, я цара дохьур ду Пхеньянан зарратан программа хьокъехь хIоьттина чолхе хьал достушш "инзаре доккха бертадахарца", аьлла дIахьедар дина Iамеркан президенто Трамп Доналда.
"Со сихха дIаваха мега, я оха дерриг а дуьненна инзаре барт бан мега", - аьлла Трапма шоьтан дийнахь Пенсильванехь хиллачу митингехь вистхуьлуш.
Iамеркан президенто дийцарехь, иза тешаш ву Къилбаседа Корей машар безаш хиларх а, дийцарш дIахьош а долуш, Пхеньяно ракеташ хоьцур яц бохучух а.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?