ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нагель: Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказера а зуламан тобанаш жигара хьийза Германехь


Зуламан гIуллакхаш толлучу федералан урхалло Германин тарритори тIехь криминалан тобанинй жигаралла эвсараяьлла аьлла, тIечIагIдина. Немцойн Frankfurter Allgemeine Zeitung (FAZ) газетане дийцина цунах лаьцна полисхойн куьйгалхочо Нагель Михаэла кIирандийнахь. Къаьсттина хIайт аьлла гойту цара шаьш наркотикаш йохкарехь, къоланаш, талораш дарца а аьлла Нагела.

Ницкъаллийн струткурийн тергонехь бу 200-250 Нохчийчуьра а, кхечу Къилбаседа Кавказан а регионашкара бахархой.

Иштта белхашкахь бу уьш буьйсанна самукъадоккхучу клубашкахь хадархой санна, цигахь аьтто бу церан рэкет а лелош, наркотикаш йохка.

Германин декъа тIехь лелачу зуламхойн тобанаша уьйраш латтайо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а, доккхачу декъанна ахчанца долчу гIуллакхашца.

Шен хеннахь юкъа а гIортина, полицино совцо еза и тобанашш, оцу зуламечу юкъараллан Германехь дIатаръяла аьтто хилале аьлла хета полисхойн хьаькамна Нагель Михаэльна.

Немцой-кавказхойн юкъараллан куьйгалхочо Мас Эккехарда хьалхо хаамбинера, мухIажирш ду шаьш а бохуш, нохчийн диссиденташна а, Кадыровн дуьхьалончашна а тIехь терго латто чуоьхуш агенташ бу Нохчийчуьра аьлла.

XS
SM
MD
LG