ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" эшийна ЦСКА Соьлжа-ГIалин аэропортехь латтийна хилла


Оьрсийчоьнан чемпионатан матчан 22-чу турехь "Ахматца" левзинчул тIаьхьа Москох дIабоьлхучу ЦСКА командан футболисташ масех сахьтехь латтийна аэропортехь. Дийцарехь, Iамораш хилла цигахь дIахьош аьлла, хаамбо ТАСС агенталло махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн прессан хаамашна тIе а тевжаш. "Ахмат" иэша а еш, 3:0 чоьтаца дирзина ловзар.

"Соьлж-ГIалин аэропортехь дIатарбинчу ницкъийн антитерроран дуьхаьлоярехь хаарш зуьйш, дIахьош Iамораш дара. Дика жамIаш гайтина цара. Карарчу хенахь шен хьалха хиллачу рожехь болх беш ю аэропорт", - аьлла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь.

Телеграмерчу шен агIон тIехь Кадыровс дIахьедина: "ЦСКА-н футболисташ Москох дIабахана. Соьлж-ГIалахь маьрша а, паргIат а ду. ТIахъаьллачу журналисташа рейс хьеяран бахьана - "терактан кхерам" бу аьлла, даржийнера. Шаблонаш йита шайн, накъостий, доллу дуьненахь а хуьлуш ма ду я дарцан, я техникан бахьанашца кема хьелуш", - яздина Кадыров Рамзана.

ЦСКА футболан информацин политикан а, юкъараллашца зIенаш латточу хьукматан директора Аксенов Сергейс хьалхо ТАСС агенталле хаамбинера, кема шина сахьтехь сов латтийнера ца гIоттуьйтуш. Аэрпортна герга вуьтуш ца хиллера цхьа а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG