ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

SIPRI: дуьненчохь герз дохкар 10 процент лакхадаьлла


2013-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц дуьненчохь герз дохкар итт процентна хьаладаьлла. Оршотдийнахь зорбане даьхна цу хьокъехь шайн зераш дуьненан проблемаш толлучу Стокголман институто (SIPRI), яздо "Немцойн тулгIе" хаамийн гIирсо.

Герзана экспорт ечу пачхьалкхашлахь дидер ю Iамеркан Цхьанатоьхна Штататаш. 34 процентна ду цара духку герз. Оьрсийчоь дикка тIаьхьа ю – 58 % бен яц цуьнан.

Оьрсийчохь герз дохкар лахдаларан бахьанашлахь дуьйцу мехкадаьттан мах охьабалар а, ГIирмана аннекси а еш, Украинан конфликтна иза юкъагIортарна, Евроберто а Iамерко а дуьхьал яьхна санкцеш хилар а.

Уггар а герзана экспорт ечу пачхьалкхашлахьа Iамерка а, Оьрсийчоь а йоцург а, Франци а, Германи а, Китай а ю.

Иштта кортачу импортерийн могIаршлахь ю ХIиндойчоь а, СаIуда Iаьрбийчоь а, Мисара а, Цхьанатоьхна Iарбойн Эмираташ а аьлла, яздина SIPRI шен рапортехь.

XS
SM
MD
LG