ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь бинчу тIамо Оьрсийчоь юхучуьра кIелхьараяьккхина аьлла Путина


Оьрсийчоь юхучара яьккхина Нохчийчохь бинчу тIамо бохуш, чIагIдо президенто Путин Владимира. Президентан харжамаш герга кхоччуш Кондрашов Андрейс яьккхинчу "Путин" цIе йолчу киночохь ша лучу интервьюхь дина цо и дIахьедар.

1990-чу шеран чакхенехь Югославин сценарийца йоха новкъаяьлла яра Оьрсийчоь, цуьнан чакхено кхи а баккхий бохамаш бохьур бара бахархошна, Нохчийчохь тIемашкахь хиллачу а зенел а алсам, боху Путина.

"Югосави муха юьйхира, иштта оцу некъа тоьттура вай а, - аьлла президента. – Ткъа оцу карчамо балане кхачор дара халкъ, белларш чот йоцуш дукха хир бара", - дийцина Путина.

Иштта президенто дуьйцу, 2003-чу шарахь Нохчийчоьнан президент хIоьттинчу Кадыров Ахьмадца шен хиллачу къамелех а.

"Воккхахволу Кадыров ша веара тIе, муьшца такхийна ма ца валийра иза. ГIаттамхойн агIонехь тIом бина ма вара иза а", - карладоккху Путина.

"Со кхетта элира Кадыров Ахьмада, Нохчийчоь маьрша а, кхиаме а хир ю Оьрсийчоьнца цхьана йисахь. Ткъа важа нах буй, (суверенитетан агIончаш) церан радикалан хьежам бу", - аьлла, дийцира шега Кадыров Ахьмада бохуш, дуьйцу Путина.

XS
SM
MD
LG