ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Непалехь кема доьхна, нах белла


Непалан коьртачу шахьаран Катмандун аэропортехь охьадусучу хенахь 67 пассажир а, экипажера 4 стаг а тIехь волу Бангладешера кема доьхна оршотдийнахь. Аэропортан векало бина и хаам. Цо бахарехь 17 стаг дийна висина.

Хьалхо хаам баьржира, Bombardier Q400 ("Бомбардье Кью-400") олу Даккера Катманду доьду кема хьалагIоттучу а, охьадусучу а асанера а даьлла, даьгна бохуш.

Франс Пресс агенталлан информацица, US-Bangla Airlines ("Ю-эс-бангла эйрлайнс") авиакомпанин кема доьхначу меттигехь, Непалан дуьненаюкъарчу Трибхуван аэропортехь, беллачийн декъий дара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG