ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъан бохамехь цхьана хIусамчуьра ши адам делла


Дахначу кIирандийнахь Ноьвран кIоштахь хиллачу некъан бохамехь зудий, стаггий делла. И шиъ ду Теркйистан кIоштера Тимиев Лауди а, цуьнан хIусамнана Зураъ а. Шайн кIант деша новкъа а ваьккхина, цIа догIуш хилла и шиъ машенца. Хиллачун хьокъехь таллам болийна полисхоша.

Байначу баттахь ШаIми-юьртана а, Хаьмби-ирзонна а юккъерчу некъа тIехь а вовшахкхеттера машенаш, дохк хIоьттина хиларна, новкъарло а еш.

Оцу бохамехь "Лада" машенан долахо веллера, шина а машенчуьра 10 пассажир дарбан хIусаме кхачийнера аьлла, хаамбинера "Интерфаксо".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG