ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масех де хьалха Лакхарчу Австрера Штадл-Паура цIе йолчу жимчу гIалахь цавевзачу талорхочо йиттинера нохчийн доьзалерчу шина берана. 12 шо долу ИсмаIалий, 13 шо долу Муслимий вара лазийнарг.

Ши ваша арахь спортан майданахь ловзучу хенахь царна тIелатар динера, хетарехь, мелла я наркотикех кхетта волчу стаго. Цу берийн дас социалан машанашкахь баржийначу хаамца, зуламхочо коьртах хIума йиттинера шина кIантана. И шиъ лоьрийн цIийнt кхачийнера. Меттигерчу полицино тIечIагIбира и хаам.

Талорхо цкъачунна карийна вац. Лакхарчу Австрин полицино динчу дIахьедарца, шина вашас динчу тоьшаллашна тIе а тевжаш, талорхочун фантоман сурт диллина, цу суьртаца зуламхо лаха дагахь бу Iедалхой.

Нохчийн берашна дина тIелатар расистийн хьежамашца дина ду я дац бохург цкъачунна къаьстина дац, полицино дийцарехь.

Шина кIантах къаьстина чIогIа лазийнарг воккхахволу Муслим ву. Цуьнан бIаьргана чов йинера талорхочо. ХIинца а лоьрийн цIийнахь ву иза. Цуьнан хьал, дас бинчу хаамца, карарчу хенахь гIолехь ду.

XS
SM
MD
LG