ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Харжамаш герга кхочуш жигара хьийза Малхбузера журналисташ


Оьрсийчоьнан президент хоржу хан герга мел кхочу жигара даьхна Нохчийчоьнна информацин тIелатарш дар аьлла, билгалдаьккхина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, харжамийн хеттарш дийцаредечу кхеташонехь.

"Вайн махкахь зуламаш лахделла, кхуьуш ю экономика, адамийн дахаран хьелаш толуш ду, церан бакъонаш ларъеш ю. ХIетте а Малхбузера цхьаболу ницкъаш вайн республикехь гIурт бу, адамашна тIехь ницкъ латтабо, лелаш низамаш дац, къоьлла ю бохуш, сурт хIотто гIерта. Церан Iалашо ю – регионехь хьал талхор", - аьлла Кадыровс.

Иштта цо боху, харжамийн каппашкахь дукха адам хир ду кхаж таса деана, цундела вай терго латто еза харжамаш цIена а, самукъанечу хьелашкахь а дIабахьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG