ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экспертиза: "Мемориалан" офис чохь марихуана карийна


Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисехь карийнарг марихуана хилар гайтина экспертизано. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан эксперто дIахьедина, Соьлжа-ГIаларчу бакъонашларъярхойн офисан балкон тIехь карийна цигаьркаш марихуанех юьзна хилла аьлла, дийцина "Медиазоне" Титиев Аюбан адвоката Заикин Петра.

Иштта Заикина бахарехь, ши цигаьрка керла, цIена хилла, балкон йиллина йоллушехь, офисах талламаш бале масех де хьалха догIа а, ло лаьттиншехь.

Дечкен-беттан 19-чохь хаамбинера, полисхоша "Мемориалан" офисех талламаш бина аьлла. Бакъонашларъярхоша дийцира, хIусаман балкон тIехь энергетикан хи чохь лаьттина банка карийна хиллера, чохь цигаьркех йисина юьхьигаш а, чим а болуш, хIинццалц схьа хилла йоцу аьлла.

"Мемориалан" шеконаш яра, хIунда аьлча, бакъонашларъярхошлахь цигаьрка узуш стаг а ца хиларе терра. Ткъа чуоьхучара, шайна тIаьхьа цIано йора, оьзначул тIаьхьа.

Дечкен-беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев Аюб. Талламчийн версица, цуьнан машенчохь марихуана карийна. Ша Титиевс а, бакъонашларъярхоша а дIахьедарца, наркотикаш полисхоша цунна кхийсина ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG