ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧIирна стаг вийначийн гIуллакх кхачам боллуш таллар тIедожийна прокуратурано


Нохчийчоьнан прокуроран хьалхарчу гIовса Хабаров Николайс Оьрсийчоьнан Талламан комитете юхакховдийна кхи а дуьззина талламаш байта чIирна дуьхьал стаг вийначу шинна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх. Талламчашна гучудаларехь, лурчаха аьхка бехкебечара стаг вийна хилла Нохчийчохь герз тоьхна, чIирна дуьхьал.

ГIуллакхан материалаш луьстуш билгалдаьлла, зуламан-процессуалан низамаш дохийна хилар гIуллакх толлучу юкъахь, я лебина тешаш цахилар а.

Кхачамбацарш дIанисдайта прокуратурано Талламан комитете юха дIахьажийна бехкебечийн гIуллакх, шен тергонехь латтор ду Нохчийчуьрчу прокуратурано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG