ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Собчак: ГIирмех тIаьхьарчу тIаьхьенна а бала хир бу


Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидато Собчак Ксенияс телевизионехь дебаташ дIахьочу хенахь, Кремло аннекси йина ГIирма массо а "баланийн, проблемийн бух бу" аьлла, тIейогIучу тIаьхьенна а кхочур болуш..

"ГIирма бахьана долуш тахана санкцеш а тоьхна вайна, доллучу дуьненца яккхий проблемаш а ю вайн, йогIу йолчу хенахь сан берийн дезар ду ГIирман проблемаш ерзо. Дера ю и йоккха проблема", - аьлла, дIахьедина Собчака.

Иштта цо дийцина, ща гуманитаран миссица ГIирме яха дагахь хиларх а. Харжамаш бахьанахь ша шена агитаци ян йоьдуш яра цига бохуш, хаамийн гIирсашкахь дуьйцург харцдина Собчак Ксенияс.

Дахначу шинарийдийнахь Украинан векалте дехар динера Собчака, шена ГIирме яха пурба далар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG