Йоллучу Францехь даханчу 2017-чу шарахь уггаре а кхиаме хилла спортхой базбаран церемони дIаяхьира оршот дийнахь Ниццехь. Цу даздаршкахь дакъалоцуш 400 сов спортхо вара. Францин чемпионаташна тIера Европан а, Дуьненан а къовсамашка кхаччалц хиллачу турнирашкахь толамаш баьхнарш а, ткъа иштта Олимпикан ловзаршкахь дакъалаьцнарш а, толаман меттигаш баьхнарш а бара церан могIаршлахь.
Францин тоьллачу спортхошна юккъехь 6 нохчо а вара. Маьршачу кепехь латаршкахь а, дзюдохь а, боксехь а, джиу-джитсухь а цу пачхьалкхан чемпионаш бевлла кегирхой бара уьш.
Ала догIу, Европерчу пачхьалкхашкахь тоьлллачу спортхошна юккъехь дуккхаъ а нохчийн къомах спортхой хилар. Къаьстина, латаршкахь а, боксехьа, ММА олучу ийдинчу латарийн кепехь а толамаш бахарца гIарбевлла бу уьш. Масийтаза Францин чемпион ваьлла маьршачу кепехь латархо Дадаев Муслим. Польшехь уггаре а вевзачех спортхо ву Халидов Мамед, ийдинчу латаршкахь дуьненчохь тоьллачу 10 спортхочух цхьаъ ларалуш волчу.
Маьршачу кепан латарехь кхузза Германин чемпионо ваьлла Накаев Дени.