ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно кхерамаш туьйсу Iамеркана, нагахь цо Демаьшкахь тохарш дахь


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Дамаскана ракеташ тохахь, нагахь оцу тохарша Оьрсийчоьнан эскаршна кхерам а бахьахь пачхьалкхан тIеман министралло шаьш дуьхьло йийр ю аьлла. ТIеман буьйранчас, Инарла штабан хьаькамо Герасимов Валерийс дина и дIахьедар.

Цо бахарехь, Дамаскерчу хьукматашкахь а, Шеман тIеман министраллан объекташкахь а бу оьрсийн тIеман хьехамчаш а, юкъахь мостагIалла лаьттачу агIонийн маслаIат дечу Центран векалш а, тIеман полисхой а.

Хьалхо Iамерко дIахьединера, шаьш Шемахь химин тIелатарш а, къизаллаш а совцо кийча ду, нагахь Оьрсийчоьно а, ГIажарийчоьно а, Шемас а 30 денна ООН-о тIе а чIагIбеш, герз сацош бина барт бохабахь аьлла.

Iамеркан ООН-ехь йолчу векало Хейли Никкис оршотдийнахь Кхерамзаллан Кхеташонехь дIакхайкхийра, ши кIира хьалха ООН-о герз сацош магийна маслаIат дохийна хиларх.

Iамерко юха а 30 денна машар баре кхайкхина. Хейлис бахарехь, оцу гIулчо лур бац аьтто Шемин президентна Асад Башарна а, кхечарна а "конттерроризмах байракх ян".

Хейлис бехкейо Шема а, цуьнан агIончаш – Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а, террорхойн тобанашца латточу къийсамехь Дамаскехь а, Малхбалерчу Гутехь "шемахой мацбан а, эзарнашкахь маьрша бахархой байа а" бахьанаш лелорна.

Нагахь тIемаш бечу агIонаша маслаIат тергал ца дахь, боху Хейлис, Iамерка кийча ю дуьхьал гIулчаш яха. Цо дагабаийтира, дахначу шеран бIаьста президента Трамп Доналда Шемарчу авиабазана тIе ракеташ тухур ю аьлла, бина сацам.

Оьрсийчоьнан официлан дIахьедаршца, хIора денна пхиппа сахьтана герзаш деттар сацадора цара, маьршачу нахана а, лазийначарна а эвакуаци яйтархьама.

ООН-ан Оьрсийчуьрчу веукало Небензя Василийс дIахьедина, Iамерко а, цуьнан агIончаша а "кIад деш дац шаьш, даим Шеман раж бехкеяр, Оьрсийчоьнна критика яр доцург" аьлла.

ООН-ан Инарла секретаро Гутеррес Антониос бахарехь, Малхбалерчу Гутехь жигарадаьхна кеманца а, лаьттара тохарш, ООН-о 30 денна маслаIат кхайкхийнашшехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG