ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу кафехь йоI, кIант лаца гIоьртина полисхой


Соьлж-гIалара цхьа жима стаг а, йоI а дIалаца гIоьртина полисхой. Царна новкъарло йина меттигерачу бахархоша. Кхаарийндийнахь делкъал тIаьхьа "Беркат" базаран кертарчу кафе чохь цхьана хIума кхоллуш долу йоIIий, кIанттий чулилхинчу полисхоша, ара а даьккхина, полицин декъе дIадига гIоьртина ГБР олучу полицин белхахой. Кафе чуьра а, урамера а нах тIе а беттабелла церан карара даккха аьтто баьлла и шиъ.

Оцу инцидентан теш хиллаччо Маршо Радиога дийцарехь, кхин бахьана дацара и шиъ дIалаца гIортаран - йоI кIантаца кафе чохь хиина Iаш хилар бен.

Ала догIу, ГБР олучу полицин дакъа ду маларш духкучарна тIехь терго латториг. Иштта цхьа мур баьхьира Нохчийчохь кафешкахь, ресторанашкахь а цхьана болу кегий нах а, зудабераш а лоьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG