ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ас хьанна кхаж тасахь а, изза Путин хоржур вацара цара?!"


Бакъо ю кхаж таса, ткъа буй-те лаам?

ТIедогIучу кIирандийнахь президентан харжамаш дIахьур бу Оьрсийчохь. Цу харжамашкахь дакъалаца луучу Европехь бехачу Оьрсийчоьнан бахархошна я официалехь хIинца а оьрсийн олаллехь болчу нехан цу пачхьалкхан Малхбузерчу векалташкахь кхаж тасса аьтто бу.

Малхбузехь бехачу нохчашлахь хIора шарца оьрсийн олалла охьа а дуьллуш, шаьш бехачу пачхьалкхашкарниг тIеэоьцурш алсамбийлахь а, хIетте а церан доккхах долу дакъа, мел кIезга а, официале Оьрсийчоьнан бахархой ларалуш бу. Цу кепара церан бакъо ю Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца.

Бакъо ю, амма буй-те лаам? Цу хаттарца Маршо Радио зIене елира тайп-тайпанчу Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчашца. Сосламбекова Тумиша Берлинехь ехаш ю. Ша харжамашка гIур яц, амма йоьдуш хилча Явлинскийна къаж тоссур бара ша элира цо: "Со цхьа а кхаж таса яха дагахь яц. Суо чохь йитахь, чохь Iийр йолуш ю. Амма со ца тесча ца йолуш хиллехь, ас сайн кхаж Явлинскийна лур бара. Кхин хIуммаъ дацахь, тIом болучу хенахь, и тIом сацабе бохуш вара иза. Кхечарна цхьанна а кхаж тасса догдогIуш яц со".

Шовхалова Дагман Белгехь еха 11 шо ду. Цуьнан Белгин а, Оьрсийчоьнан а шина пачхьалкхан олалла ду. Бакъду, оьрсийн президент хоржуш дакъалаца дагахь-м яц ша боху цо: "Царех едда еана йолу со, царна хIинца кхаж таса ца яхча кхин бала ма белара сан. Дера гIур яцар-кх. Ас хьанна а кхаж тесича а, изза Путин хоржур вацара цара?"

Францехь вехачу Шишханов Сулимана доцца делира Маршо Радион хаттарна жоп: "Со гIур вац харжамашка. Я ша нохчи лоруш верг цхьа а гIур вац, суна схьахетарехь".

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш, хетарехь, доккхачу декъехь терго йоцуш буьтур бу Малхбузехь бехачу иттанаш эзарнаш нохчаша.

ХIинцалца схьа тIаьхьарчу масех харжамашкахь а ма-биттара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG