ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан пачхьалкхан керла секретарь хIоттийна Трампа


Пачхьалкхан секретаран даржера мукъаваьккхина Тиллерсон Рекс Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда. ЦРУ-н хилла директор Помпео Майк хIоттийна цуьнан метта.

Ткъа Помпеон дарж дIалоцур ду Хаспел Джинас. ЦРУ-н коьртехь дуьххьара хилла зуда ю иза.

"ЦРУ-н директор лаьттина Помпео Майк хир ву вайн керла пачхьалкхан секретарь, цо Iаламат дика болх а бийр бу. Баркалла Тиллерсон Рексна хIинццалц къахьегарна! Хаспел Джина ЦРУ-н коьртехь хир ю, оцу даржехь дуьххьара зуда ю иза. Массо а декъалво ас!",- яздина Трампа Твиттерехь.

Дахначу кIиранчохь Африкан мехкашкахула лела Тиллерсон цIеххьана юхавеара Iамерке, бахьанаш а ца дуьйцуш. Iамеркан прессано масийттазза яздира, Тиллерсонан президентца Трампца юкъаметтиагаш яц бохуш.

Эксперташа а, хаамийн гIирсаша а кеста даржах мукъавоккхур ву Тиллерсон бохуш, дуьйцура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG