ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн "Пальмира" шолгIачу меттигехь ю


Оьрсийчоьнан тIеман министраллан сайтехь пIераскандийнахь доьрзур ду керласу ракетан цIе хоржуш, кхаьжнаш тасар, хаамбо "Интерфаксо".

Карарчу беттан хьалхарчу дийнахь президента Путина ша хIора шарахь Федералан кхеташоне ден дIахьедар довзуьйтуш элира, Оьрсийчоьно керла тIомайолу ракета а, хин бухахула лела зарратан кеманийн система а арахецна, амма оцу герзна цкъачунна цIе тиллина яц, аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хетарехь, Оьрсийчохь хIора вахархо а ву шена товш хета цIе яккха йиш йолуш – цундела цо Шемахь беллачу оьрсийн салтийн сийнна "Пальмира" цIе тилла еза аьллера керлачу ракетанна.

Карарчву хенахь Кадыровс къастийна "Пальмира" вариант шолгIачу меттехь ю харжамашкахь, цо 19 процент бахархоша къастийна и.

"Нежданчик" цIе ю "Пальмирел" хьалхаяьлларг. 37 процент бахархошна тайна цуьнан цIе.

XS
SM
MD
LG