ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIераскандийнахь Немцов ваьхначу цIийне гуллур бу цуьнан агIончаш


Москох Немцов Борис ваьхначу цIенна тIе цуьнан безамна ун тухур ду пIераскандийнахь. ГIалин мэрига хьалхо и дехар динчу президентан харжамийн кандидата Собчак Ксенияс бина и хаам.

"Мэрис пурба делла тхуна, цул совнах оцу цIа чохь бехачара куьйгаш а яздинера дехарна буха. ХIуммаъ атта а дацара куьйгаш лехьо. Массарна а царна баркалла ала луур дара суна. Тхан дехарна жоп деллачу гIалин мэрана Собянинна а, инициативан тобанна а баркалла. Баркалла иза вийначу тIай тIехь хIокху кхаа шарахь ха латторна а, зезагаш кхехьарна а, хаамийн гIирсашкахь дийцарна а, сагатдиначарна массарана а баркалла", - аьлла, Фейсбукерчу шен агIон тIехь яздина Собчака.

2015-чу шеран Чиллан-беттан 27- чу дийнахь тапча тоьхна, вийра оппозиционер Немцов Борис Москворецкан доккхачу тIай тIехь. Иза верна бехкебина Нохчийчуьра схьабевлла Дадаев Заур а, ГубашевгIеран вежарий Анзор а, Шедид а, Эскерханов Темирлан а, Бабаев Хьамзат а.

11 шарера 20 шаре кхаччалца набахтехь яккха хенаш тоьхна царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG