ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхошна гIо латтийна аьлла бехкевина, кху гурахь лаьцна ГIалгIайчоьнан вахархо Хамхоев Альберт маьршаваьккхина, кхи дIа йолчу ханна шен цIахь лар а веш. "Мемориал" олучу бакъонашларъяран юкъаралло шен сайтехь бина и хаам.

Шинаридйинахь кхелан кхеташонехь чоьхьарчу гIуллакхийн Назранан кIоштарчу талламан декъан белхахочо Евлоевс кхи а цхьана баттана Хамхоев чохь сацаве аьлла, дехнера суьдхошка. Кхело цуьнан дехар дIа а тоттуш, сацам тIеийцира, Хамхоев шен цIахь вуьтуш.

Кхелахоша бахарехь, талламчийн тоьшаллаш тоъал дац кхи дIа а иза лаьцна латто. Иштта суьдхоша тидаме эцна, дахарехь цкъа а Хамхоев Iедалца гIуллакх деана цахилар а.

Орсийчоьнан спортхо Хамхоев Альберт дахначу шеран гурахь лецира ша вехачу Яндарерчу хIусамехь. Оццу гурахь некъан полисхошна тIелатар диначаьрца бертахь хилла аьлла, шеконе эцнера иза полисхоша. ТIелатар диначарех цхьаъ вевзаш хилла Хамхоевна.

"Мемориале" гIо дехнера кIентан дас, шен кIант лоцучу заманчохь полисхоша тапча кхоьсина хилар а, цул тIаьхьа масех сахьтехь етташ, хьо гIаттамхошца уьйрашкахь а хилла, и тапча а хьайн ю ала бохуш, цунна тIаьхь ницкъ бина хилар а дуьйцуш.

XS
SM
MD
LG