ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британера 23 Оьрсийчоьнан дипломат аравоккхуш ву


Великобританера оьрсийн 23 дипломат аравоккхуш ву. Оцу хаамца йистхилла премьер-министр Мэй Тереза. Цо иштта дIакхайкхийна, Британин официалан декъашхой Оьрсийчохь дуьненаюкъарчу чемпионатехь хир бац аьлла а. Лондоно Оьрсийчоьнца шен юкъаметтигашкахь а дозанаш латтор ду аьлла премьер-министро.

ГРУ-н хилла полковник Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а британхойн Солсбери гIалахь дIовш тохарна бехкейо Мэйс Оьрсийчоь.

"И инзаре инцидент бахьанехь хьалхалерачу тIегIанехь хуьлийла дац тхан юкъаметтигаш. Цундела оха совцош ю тхайн шина а агIор йолу контакташ, иштта арахьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгалхочунна Лавров Сергейна хьошалгIа кхойкхуш дахьийтина кехат а юхадаьккхина", - аьлла, хаамбо Мей Терезас.

Венин конвенцица Цхьанатоьхначу Паччахьалло Оьрсийчоьнан 23 дипломат махкара аравоккхур ву, "Iоравалаза висина шпион" санна.

Мэйс бахарехь, тIаьххьарчу 30 шерашкахь дуьххьара Лондонера йоккхачу гIовгIанца нах арабахар ду хIара, цо Британерчу оьрсийн шпионийн гIуллакхна новкъарло ян а тарло.

Шпион лаьттина 66 шо долу Скрипаль Сергей а, цуьнан 33 шо долу йоI Юлия а кхетамчохь а доцуш, Солсбери гIалин арарчу гIентахь карийнера кху беттан 4-чу дийнахь. Тахана а чIогIачу хьолехь дарбан цIийнехь ду и шиъ.

Советан заманахь еш хиллачу химин герзан "Новичок" олучу хIуманца тIелатар дина хиллера цу шинна.

Оьрсийчоьно шаьш гунахь дац аьлла Скрипална а, цуьнан йоIана а динчу зуламна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG