Оьрсийчоьнан Талламан комитетан регионашкарчу урхаллаша а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаша а керла юкъаевллачу смартфонашна чудовла аьтто беш гIирс эцна Оьрсийн "Би-би-сино" бо и хаам.
Ницкъаллийн структураша юкъалелачаьрца барт а беш, Израилан "Cellebrite" компанин продукци эцна, смартфонаш а, керла юкъаевлла iPhone X телефонаш а йосту.
ГIирс арахецначу компанино тоьшаллаш дарехь, оцу технологино аьтто ло гаджетера суьрташ схьаэца а, телефонаш дIа-схьа хьаьнга йиттина талла а, месседжершкара вовшашка кхехьийтина йозанаш деша а.
Волгоградан кIоштарчу Талламан комитетан 800 эзар сом даьлла цу гIирсах.
Хабаровскерчу чоьхьарчу министралло йоллу технологех делла цхьа миллион гергга сом.
Лурчаха Талламан комитето официалехь тIечIагIдинера, шайн белхахоша балха тIехь смартфонаш йоьллучу гIирсех пайдаоьцу аьлла.