ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамийн бакъонаш а хьоьшуш, депортаци йо...


Vienna, the Campaign against the expulsion of migrants from Austria, 2016
please wait

No media source currently available

0:00 0:03:58 0:00
Линкана тIе

Цхьа могIа Европерчу пачхьалкхаша Нохчийчуьра мухIажаршна Оьрсийчу депортацеш яр алсамдаьккхина. Уггаре а хьалха, Австри, Германи, Франци ю нохчий махкал арабахарехь билгалъялла.

Къаьстина, Австрехь Iедале аьтто-консервативе урхалла еъчахьана цу махкара дукха нохчийн мухIажарш арабаьхна. Кхин а алсамах бу политикан тховкIелонах болу позитиве сацам юха а баьккхина, цу нехан Австрехь баха йолу бакъо Iедало юхалуьстуш берш а, ткъа иштта яллане а Iедало тховкIело а ца луш шерашкахь Австрехь хан а яккхийтина, хIинца эххар а депортаци ян Iедало сацам бинарш а.

Муьлш бу Европерчу пачхьалкхаша коьртачу декъехь Оьрсийчу дIахьовсош берш я дIахьовсон Iалашонца тховкIелонах долу гIуллакхаш юхалиста долийнарш?

Уьш масех категорина юккъе боьлхуш нах бу. Хьалхарниг – радикалечу хьежамашца гIарбевлла я радикалечу тобанийн декъахилларш. ШозлагIниг – меттигера низамаш а дохош, криминалечу леламашкахь хилларш, зуламаш дарна хенаш тоьхна набахте боьхкинарш. КхозлагIниг – Iедало тховкIелонах долчу дехарна я ду я дац аьлла жоп ца луш шерашкахь, олуш ма-хиллара, хIаваэхь латтийнарш. ЕалгIаниг – тховкIелонах долчу дехарна Iедало дацаре жоп делча цунна дуьхьал апелляци а йина, амма юха а шозлагIчу гонехь а негативе жоп кхаьчнарш.

Нагахь санна, хьалхарчу шина категорерчу нехан, иза бохург ду, радикалечу хьежамашца гIарбевллачийн Оьрсийчу дIа ца луш, махкахь биса аьтто алсамох белахь, масала, царна Оьрсийчохь къиза таIзарш дан мега бохучу бахьанийца, чолхеха ду вукху нехан хьал.

ТIаьхьарчу беттанашкахь Австрера а, Германера а Оьрсийчу бертаза дIахьовсийначу нохчийн масалаша гойту, уьш дукхахберш цхьанна а кепара низам дохийна а боцуш, беккъа церан тховкIелонах долу дехар Iедало кхочуш ца дар бахьанца арабаьхна хилар гойту.

Дийна доьзалш бу арабаьхначарна юккъехь. Ишттачу цхьана доьзалан масала далийра нохчашна депортацеш ца яйта къахьоьгучу австрихойн юкъараллин жигархойх цхьаъ йолчу журналисто Шолль Сюзаннес: „ТIаьхьарчу хенахь йина депортацеш тидамехь латтийна ас. Боккъал а инзаре хьал муьлхарниг ду хьуна аьлча, вуно дукха адамашна шайн документаш дIа а ца луш депортацеш еш хилар ду. Конкрете аьлча, и цхьа доьзал, дех, ненах, деа берах лаьтташ болу, уьш Москох охьабисийча, мухха а баьллехь ХIинжа-гIала кхача аьтто баьлла церан. Амма цигара цхьанхьа баха йиш йолуш бац уьш. Ур-атталла чуьра арабовла а. ХIунда аьлча Австрерчу хьукматхоша церан кехаташ шайгахь дитина. Иза вуно маьттазниг адамийн бакъонаш хьешар ду “.

Оьрсийчу депортацеш йинчу нохчашна юккъехь масех жима стаг ву, шайн хIусамнаной а, бераш а Австрехь а дуьтуш, арабаьхна болу. Бахьана – жимчу стеган шен позитиве кехаташ ца хилар, ткъа хIусамненан уьш хилар.

Ишттачех вара масийтаза Австрин каратехь чемпион ваьлла Сугаипов Юнади. Иза ша шерашкахь тховкIело ца луш латтийра Iедало. Ткъа даханчу шарахь зуда ялийначу цуьнан хIусамнана шех позитив олу тховкIело йолуш ю. ХIинца, нуьцкъалха Оьрсийчу дIахьажийначу цу жимчу стеган, мел кIезга а, итт шарахь Евробертан пачхьалкхашка ван бакъо яц.

Ткъа цуьнан хIусамненан Iедална а хууш Оьрсийчу яха йиш яц. Ала дашна, цхьанна а кепара низам дохийна воцуш, ша вехачу меттехь массара а лара а лоруш, австрихойн а, кхечу къомах а долчу берашна мехаза карате а Iамош вара и кIант.

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу девнна юкъагIерта оьший нохчий?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG