ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министр: Вакцина ца йина хиларна 10 бер делла стохка Нохчийчохь


Дахначу шарахь вакцинаци йина цахиларна 10 бер делла Нохчийчохь аьлла, журналисташца йоьдучу пресс-конференцехь махкарчу могушаллан министро Сулейманов Элхана. "Мехий тоьхначул тIаьхьа цунах хьовзам хуьлуш меттигаш а нисло, делахь а миллионна юкъахь цхьанна-шинна берана бен ца хуьлу зен, нагахь вакцинаци йинехь. Ткъа дукхахберш берашна вакцинаци ца йойтуш дуьхьал бовларан бахьанашца, цхьана шерачохь вайн 10 бер делла вайн", - дийцина министро.

ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а дуккхаъчу дайша, наноша дуьхьалонаш йира берашна мехий ца доьттуьйтуш, вакцина зене ю бохуш.

Стохка гурахь Оьрсийчоьнан могушаллин министро Скворцова Вероникас дIахьединера, шайн берашна вакцина тохарна дуьхьал болу дай-наной жоьпе озо беза аьлла. Цо дан деза бохучу таIазаршна юкъахь дара ахчанца гIуда тохар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG