ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн эскархо вийна Шемахь


22 шо долу Пономарев Владимир велла Шемахь. Оренбурган Orenday гIирсо дийцина Соль-Илецк гIалахь кху деношкахь цуьнан дIаволларх. Йозуш йоцчу CIT талламчийн тобан зерашца, Шема хьажийна вара Пономарев кадрашха эскаршлахь. Меттигерчу хаамийн гIирсаша дуьйцу, кIоштарчу администрацера лаккхарчу даржашкара хьаькамаш бара цуьнан тезетахь бохуш.

Оцу юкъанна тIеман министралло цхьа а коммент ца йина Пономаревн валарх.

Orenday-н информацица, Пономарев Владимир валарх дахначу кIиран кхааридийнахь Iорадаьлла. ХIеттахь CIT группано хаийтира, Шемахь Оьрсийчоьнан контрактхо, 22 шо долу Солопов Александр вийна аьлла. Иза ший а Малхбалерчу Гутехь вийначух тера ду аьлла хета талламчашна.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло официалехь гIарадаккхарца, оьрсийн Шемахь велларг 80 стаг ву.

ТIаьххьара цара тоьшалла дира дахначу кIиранах тIеман - транспортан Ан-6 кема дохарх. Цу чохь велира 39 стаг, доккхачу декъанна, Оьрсийчоьнан эскаран офицераш, иштта инарла-майор Еремеев Владимир а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG