ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченко Надежда бехкейо теракт кечдарна


Украинан Лакхарчу Радехь теракт дан гIоьртина аьлла, шеконашка эцна депутат Савченко Надежда. Украинан Инарла прокуроро Луценко Юрийс еаридийнахь дIахьедина, гергарчу хенахь иза депутатийн могIарера а йоккхуш, лаца бакъо йоьхуш, парламенте кехат дохьуьйтур ду аьлла.

"Талламан харц хила йиш йоцу тоьшаллаш ду, Савченкос ша кечам а беш, хьехна хиларх, муха теракт дан мегар ду кху хIусам чохь, Лакхарчу Радан бохь минометца муха бохон беза, балаза бисинарш автоматаша етташ, байа безарх а", - дийцина инарла прокуроро.

Маршо Радион информацица, Лакхарчу Радас парламентан тIеман, къоман кхерамзаллан хеттаршкахула йолчу комитетера дIаяьккхина Савченко.

Карарчу заманчохь "Офицерийн корпус" организацин куьйгалхочун Рубан Владимиран гIуллакхан хьокъехь Савченко Украинан къайлахчу сервисийн хеттаршна жоьпаш луш. Рубан бехкево Киевехь теракт кечдарна а, пачхьалкхан гIуллакххошна кIело ярна а, иштта низамаш хьоьшуш, герз дехьадаккхарана а, лелорна а.

Лакхарчу Радан кулуарашкахь "Халкъан фронт" депутато Геращенко Антона журналисташка дийцина, "Кремлан тутмакх" терактна бехкейина ца Iаш, Iедал карчон гIортарна а ю бехкееш аьлла.

Геращенкос бахарехь, тIаьххьарчу шарахь Савченко Украинан "эскархойн декъашкахула лелаш яра, агитацеш а лелош, зуламе гIуллакхаш дийцаредеш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG