ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хазбиев Мохьмадна тIе ца кхачийтина цуьнан адвокат


Хазбиев Мохьмад, оппозиционер
Хазбиев Мохьмад, оппозиционер

Карабулакерчу СИЗО-хь латточу оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна тIе ца кхачийтина цуьнан адвокат Ибриева Хеда. Ша Iалашван тIелаьцначуьнца цхьанакхета оьшу кехаташ кечдийриг могуш воцуш хилла, цуьнан метта гIуллакхе хьажа стаг вац аьлла, изоляторан белхахоша чу ца йитина иза.

Маршо Радионо хаамбира, оршотдийнахь Хазбиев Мохьмада мацалла кхайкхийна хиларх, ша чохь латточу хIусамчохь хьелаш кхачаме цахиларна а, шеца харцо лелорна а дуьхьал протест еш.

"Кавказан узел" агенталле адвоката ша дийцарехь, делкъал тIаьхьа СИЗО кхаьчна иза латтийна хилла КПП олучу социйлехь."Чохь бахкочарна тIекхача бакъо лург могуш воцуш хилла элира соьга хадархочо", - дийцина Ибриевас.

Мехкан прокуратуре арз дина адвокато шена дуьхьало ярна.

"Мацалла кхайкхийна 3-гIа де ду Хазбиевс, ткъа со тахана цунна тIе ца кхачийтина. Я суна а, я Мохьмадан гергарчарна а хууш дац цуьнгара хьал", - аьлла Ибриева Хедас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG