ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь харжамашна тIехь тидам латтор бу 4 эзар гергга тергамчас


Нохчийчохь Оьрсийчоьнан президентан харжамийн дийнахь кхаьжнашна тIехь тидам латтор бу 4 эзар гергга юкъараллан тергамчо. ТАСС агенталло бо и хаам, харжамийн комиссин декъашхочун Эльсункаев Солижанан информацех пайда а оьцуш. Цо бахарехь, кандидатийн я уьш хьалхатеттинчу партийн векалш а, дуьненаюкъара тергамчаш а хир бу харжамашкахь.

Харжамийн дийнахь республикехь болх беш хир ю 475 харжамийн куп. Тергамчийн бакъо хир ю харжамаш буьйлабеллачул тIаьхьа, кхаьжнаш дагардина довллалц терго латто.

Иштта церан таро ю, къепе йохийна меттиг тусалахь, харжамийн комиссига цунах арз дIакхачо а.

Дагадоуьйту, тIедогIучу кIирандийнахь, 18-чохь дIабахьа лерина бу Оьрсийчоьнан президентан харжамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG