ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мурманскан кIоштахь Нохчийчоьнан векалалла юьллуш ю


Мурманск гIала
Мурманск гIала

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан векал официалехь Мурманскан кIошта веана. Регионерчу Iедалан официалан пресс-релизехь бинчу хаамна тIе а тевжаш, яздо цунах лаьцна "СеверПост.ru" хьостано. Соьлж-ГIалара бизнесхо Асаев Асланбек хIоттош ву векалтан урхалле.

Йохка-эцаран, экономикан, Iилман, гуманитаран, културан а, кхидолчуьнца а юкъаметтигаш кхиорхьама сацам бина Мурманскехь векалт елла.

"Сан шеконаш яц, регионехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалалла схьаелларо шина субъектна юкъахь партнерийн а, доттагIаллийн а уьйраш чIагIйийриг хиларх", - аьлла Мурманск кIоштан губернаторо Ковтун Маринас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG