ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Дубровкера закъалтхой ЦIечу майданахь байа Iалашо хиллера гIаттамхойн


2002-чу шарахь Дубровкера театран центр дIалаьцначийн Iалашо хиллера, закъалтхой ЦIечу майдана а баьхна, цигахь байа. Цаьрга и зулам цадайтархьама, Iедалша сацам бира, царна тIелатар дан аьлла Оьрсийчоьнан президенто харжамашна лерина яьккхинчу "Путин" кино чохь.

Путина бахарехь, закъалтхой хIаллакбаро тIеIаткъам бийр бара пачхьалкхан урхаллана а, къайлахчу сервисашна а, ткъа и хилийта йиш яцара. Чухецначу газо юьхьанца пайда ца беара, делахь а, Путина омра дина хилла царна тIелата аьлла.

Оц хIоьттинчу хьолехь лела ца хаар бахаьан долуш, дукха нах байира, газах зен хиллачарна маха тоьхчхьана, гIоле хирг хиллера аьлла, тIетоьхна президенто.

2002-чу шарахь Дубровка нохчийн тIемалоша дIалаьцча а, иза мукъайоккхуш а беллачу нехан хьокъехь гергарчара дина арз толлучу Москохарчу тIеман кхело ца магийра ладегIаршка эксперташ кхайкха.

Нах баларца йоьзна экспертиза юхаяйтар дехнера кхеле беллачийн театрехь байинчийн гергарчара. Хьалха йина экспертиза нийса ю, кхин ян хьашт дац, аьллера арзхошка кхело.

Кремле Нохчийчуьра тIом сацабайта Iалашонца нохчийн тIемалоша дIалаьцна «Норд-Ост» театр мукъайоккхуш лерринчу ницкъаша чухецначу газах велира I30 стаг, 700 стеган талхийра могашалла. Иштта вийра массо тIемало а.

20II шарахь Европан кхело листира нехан арз – Оьрсийчоьнан Iедал бехкедира адамашкара даха йолу бакъо дIаяккхарна а, кхел ма-доггIу цаярна а.

XS
SM
MD
LG